Макка Сагаипова Денош

Исполнитель: Макка Сагаипова Длительность: 03:49 Размер: 3.54 МБ Качество: 128 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Макка Сагаипова — Денош"

Денош, денош дагардеш
Хан д1а йоьду сагатдеш
Безамо ше шабарш деш
Зама хуьтту вайна теш
Хьо ше хилар диц ца деш
Даго лоьху хьоьца некъ
Х1ора денна хьийзаеш
Ша ду боху хьо ларвеш

Цхьа хаза дешнаш ала лиъна
Ойланаш т1ома евлира
Са дагахь дериг шайна хиъча
Къинт1ера суна евлира

Цара хьо шайна гур ву олуш
Соьгара пурба даьккхира
Са дагахь дериг хьоь д1аолуш
Ейна ц1е сирла яьккхира

Тоац ницкъ ойланашца къийса
Оьшуш дерг бертахь хилар ду
Безаме къайлах са ца тийса
Царна ас бакъо лур ма ю

Хетарехь шераш деха диларх
Гергарло х1инцам тийна ду
Хиллариг дагахь вайша къиларх
Байна бац вай безаман суй

Денош, денош дагардеш
Хан д1а йоьду сагатдеш
Безамо ше шабарш деш
Зама хуьтту вайна теш
Хьо ше хилар диц ца деш
Даго лоьху хьоьца некъ
Х1ора денна хьийзаеш
Ша ду боху хьо ларвеш

Похожие песни

Еще песни Макка Сагаипова

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)