Амина Ахмадова Хуур дац (M95)

Исполнитель: Амина Ахмадова Длительность: 04:03 Размер: 9.48 МБ Качество: 320 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Амина Ахмадова — Хуур дац (M95)"

Генналлехь дог Iийжар хуур дац хьуна,
Хуур дац мерзачу набарха йийлар..
Сатуьйсуш яха а атта дац суна,
Хала ду къастаран къаьхьалла мийла..

Хьо лоьхуш денна а новкъа со йуьлу,
Ца гича баланаш сов базло суна..
Сайн эккха доллу дог ас буйна къуьйлу,
Иза а хуур дац, хуур дац хьуна..

Лаккхара хьаьжча а гаре сатуьйсуш,
Йуьйлу со гIалана йистерчу гуне..
Ерриге къайленаш Iаламе юьйцуш,
Иза а хуур дац, хуур дац хьуна..

Хьо хIунда вели сох оццула хера?
Хьо воцург хIумма дац дахарехь суна..
Хьо везаш дог ду сан безамна къера,
Амма и хуур дац хьуна, хуур дац хьуна..

Еще песни Амина Ахмадова

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)