Чеченская песня Безаман ийиш

Исполнитель: Чеченская песня Длительность: 03:16 Размер: 6.00 МБ Качество: 256 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Чеченская песня — Безаман ийиш"

Текст песни неполный.

Сан хьомениг,
Ю-те хьо безам бовзанза,
Я цуьнан къахьо 1овшанза?
Хьо езаш хьайга дийцарна,
Бехк х1унда буьллу ахь суна,
Сан хьомениг,
Ю-те хьо безам бовзанза,
Я цуьнан къахьо 1овшанза?

Зезагаш техкаш бацалахь,
Маршалла хоьттуш цу малхе?
Гиний хьуна
Шен дашо з1аьнарш яржийна,
Малх хьаьжча дуьне къагийча?

И дерриг 1алам доккхадеш,
Цу малхе хьоьжуш декъалбеш,
Сан хьомениг,
Хьо гуччохь хьоьца ца хилча,
Хетало дуьне кхоьлина.

Хьо суна генахь хиларах,
Наггахь бен вовшийн ца гарах,
Сан хьомениг,
Ас мел ен ойла хьоьца ю,
Сан даг чохь даим хьо ца1 ю.

Б1аьргаша даим хьо лоьху,
Кийрарчу даго хьо йоьху,
Сан хьомениг,
Йог1ур ю але, дош лохьа,
И дош лой соьга йолахьа.

Оригинальный текст чеченского стиха:
Хьо езаш хьайга дийцарна,
Бехк хIунда буьллу ахь суна,
Сан хьомениг,
Ю-те хьо безам бовзанза,
Я цуьнан къахьо Iовшанза?

БIаьстенан хьаннаш сенъелча,
Заз доккхуш бошмаш тоелча,
Гиний хьуна
Шен дашо зIаьнарш яржийна,
Малх хьаьжча дуьне къагийча?

Олхазарш декаш хьаннашкахь,
Шовданаш уьдуш аьрцнашкахь,
Гиний, хьуна,
Зезагаш техкаш бацалахь,
Маршалла хоьттуш цу малхе?

И дерриг Iалам доккхадеш,
Цу малхе хьоьжуш декъалбеш,
Сан хьомениг,
Хьо гуччохь хьоьца ца хилча,
Хетало дуьне кхоьлина.

Хьо суна генахь хиларах,
Наггахь бен вовшийн ца гарах,
Сан хьомениг,
Ас мел ен ойла хьоьца ю,
Сан даг чохь даим хьо цаI ю.

БIаьргаша даим хьо лоьху,
Кийрарчу даго хьо йоьху,
Сан хьомениг,
ЙогIур ю але, дош лохьа,
И дош лой соьга йолахьа.

Iаьржа бIаьргаш, и ши седа
Суна-м цкъа а биц ца ло,
Маржа! Цара цIе тесна,
Алу хилла догу дог.

Еще песни Чеченская песня

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)